ЮшаӀ ибн Нун

ЮшаӀ бин Нун (Ӏаьр. يُوشَع بِن نُون‎‎) — исламан пайхамар ву, исраилан къоман ваийтина вара, Муса-пайхамаралла وصلة= тӀаьхьа. Библийхь лоруш ву Иисус Навинца. Нунан кӀант ЮшаӀ Къуръанехь 23-за хьехош ву.

Закари

Закария бин Азан (Ӏаьр. زَكَرِيا بِن أَذٰان‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина вара. Библин тӀехь цунах Захария мозгӀар олу. Къуръанехь 8-за хьахийна ву. Яхья-пайхамаран да ву иза.

Зуль-Кифль

Зуль-Кифль (Ӏаьр. ذُو الْكِفْل‎‎) — исламан пайхамар ву, Къуръанехь кхинболчу пайхамаршна юкъахь хьехош ву.

Ильяс

Илия, Ильяс (Ӏаьр. إِلْياس، إِيلْيا‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина, Къуръанехь шозза хьахийна ву. Библица лору Илия пайхамарца. Къуръанехь хьахийна ву элчааву аьлла, бакъ днерниг аьлла а, Делах тешаш верг а.

Исламан пайхамарш

Пайхамар (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби‎) — иза АллахӀ-дала ваийтина элча ву, шен дин нахана довзийта бахкийтинарш — пайхамарш бу. Къуръан тӀехь 25 хьахош ву. Масийтта пайхамар ву къуръан тӀехь хьехош. Сийлахь мухӀар а тухуш, массарел веза ваийтинарг ву — Мухьаммад.

ИсмаьӀил

ИсмаьӀил (Ӏаьр. إِسْماعِيل‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, ИбраьхӀим пайхамаран а, ХӀаджаран а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар ю, библиналла а.

ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .

Исхьакъ

Исхьакъ (Ӏаьр. إسحاق‎‎) — исламан пайхамар ву, Исхьакъ ву ИбраьхӀим пайхамаран а, Саратан а кӀант, Якъуб пайхамаран да а ву. Исхьакъан тӀаьхьенах схьабевлла бу жуьгтий.

ЛутӀ

ЛутӀ (Ӏаьр. لُوط‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Библин тӀехь цунах — Лот олу. ИбраьхӀим пайхамаран вешин ХӀаран кӀант ву иза. Ткъе ворхӀазза къуръан тӀехь хьехош ву. ЛутӀ цхьана Ӏийна ИбраьхӀимца, шен деда Тарахь (Азар) волчехь, ИбраьхӀиман деца. ЛутӀ цкъа а тӀулган делойх тешаш хилла вац. Цуьнан зуда яра Делах тешаш а йоцуш вон стаг.

ЛутӀан а, ИбраьхӀиман а, Саратан а наной йижарий хилла бу бохуш дуьйцу цхьадолчу дийцаршкахь. АллахӀ-дала ЛутӀ ваийтина вара садумитан къоман.

Муса

Муса (Ӏаьрб. موسى) — исламан пайхамарийн веза элчанех цхьаъ ву, Делан къамелхо. Керста динехь цунах Моисей олу. Иза Якъуб-пайхамаран тӀаьхьенах хилла, цуьнан ваша ХӀарон-пайхамар хилла.

Пайхамар

«Пайхамар» (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби; хиндерг дуьйцург) — ширачу дашах Пайхамаралла, цунах схьадаьлла ду и дош. Пайхамарш нахе кхойкхуш хилла, шен нийса долчу бакъ дине (Ислам). Къуръанехь дукха хьехош ду и дош, пайхӀамар иза АллахӀ-дала нахана тӀеваийтина веза стаг ву. АллахӀ-дала 124 000 эзар хила мегар долуш, пайхамарш бахкийтина хӀокху дуьнентӀе.

Салахь

Са́лахь (Ӏаьр. صٰالَحْ‎‎) — исламан пайхамар ву, АллахӀ-Дала «Самуд» къоман ваитина а ву.

Самуил

Самуил (Ӏаьр. صموئيل‎‎) — иза Израилан пайхамарех цхьаъ ву.

Сулайман

Сулайма́н (Ӏаьр. سليمان‎‎) — иза исламан пайхамар ву, Давуд-пайхамаран кӀант ву. Библин тӀехь цунах олу — Соломон.

Хизр

«Хизр» я «Хидр» (Ӏаьр. خضر‎‎) — исламан адам а, хьехамча а ву, Муса-пайхамаран хьехархо хилла боху. Хизаран цӀе Къуръан тӀехь хьехош яц. Амма тидаме-кхетархоша, иза «Делан лай» санна лоруш ву. Сурат «Аль-КахӀф» тӀехь хьехош ву иза Ӏелам стаг санна, амма цӀе юьйцуш яц.

ХӀарон

ХӀарон (Ӏаьр. هٰارُون‎‎) — исламан пайхамар ву, Муса-пайхамаран ваша а ву. Библийца лоруш ву хьалхарамозгӀар Аарон.

ХӀаронан шайхаллин гӀуллакх дар чӀогӀа хьакха делла дара шен ваша Мусас гӀуллакх дарца. Масала, Муса ХӀарон жуьгтийн урхалча витина, Товрат эца дӀавахча, Мусаца ПирӀон волчу вахана.

ХӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла ю Марьям, Ӏийса-пайхамаран нана хилла йолу.

Бусалбанаша ХӀаронан каш лору ХӀаронан лам тӀехь.

Шис

Шис бин Адам (Ӏаьр. شِيث‎‎) — исламан пайхамар ву, Адаман а, Хьавван а кӀант ву.

ШуӀайб

ШуӀайб (Ӏаьр. شعيب‎‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву. Библин тӀехь цунах — Иофор олу.

Элча

Расу́ль (Ӏаьр. رسول‎‎ — элча‎) РасулуллахӀ (Ӏаьр. رسول‎‎ — Делан элча‎) — исламан пайхамар (наби) ву, керла жайна делларг а, керла закон деанарг а. Расуль къаьсташ пайхамара ца деана жайна а закон, а бакъдо хӀун дохьуш веана тӀаьххьара элча.

Расуль лоруш бу беккъа: Нохь, ИбраьхӀим, Муса, Ӏийса а, Мухьаммад а.

Юнус

Юнус бин Матта (Ӏаьр. يُونُس بِن مَتَى‎‎) — исламан пайхамар ву, шен къоман ваийтина. Библийхь лоруш ву Ионца. Къуръанехь 4-за хьехош ву.

Юнус китан багахь Ӏийна ву, АллахӀ-дала кӀелхьара ваккхалц.

Яхья

Яхья бин Закария (Ӏаьр. يحيى بن زكريا‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраьил къоман ваийтина вара Ӏийса бин Мареман пайхамараллин декхар бакъ хиларх чӀагӀдан. Закария-пайхамаран кӀант ву. Библехь лоруш ву «Иоанн Креститель», аьлла. Къуръанехь 5-зза хьехош ву. Исламан дийцарехь ма-бохху Яхья пайхамар хилла, Ӏийсан пайхамаралла хиларх дӀакхайкхинарг а, цунах теша а тешна, цо гӀо дина цунна жуьгтешна юкъахь хьехам барца.

Элчанаш
Пайхамарш

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.