Эгейн хӀорд

Эгейн хӀорд (грек. Αιγαίον πέλαγος, турк. Ege Denizi, болг. Бяло море — «Белое море»), дукху гӀайренаш долу (2000 герга) ахоттабелла хӀорд Лаьттаюккъера хӀордан малхбаленгара дакъан тӀехь, иза бу Балканийн ахгӀайрена, Жима Ази а, Крит гӀа-е а юкъехь.

Эгейн хӀорд
Координаташ39°15′34″ къ. ш. 24°57′09″ м. д.
Болу меттигЛаьттаюккъера хӀорд
Blue pog.svg
Эгейн хӀорд дуьнена картан тӀехь
Эгейн хӀорд дуьнена картан тӀехь
Aegean Sea map
Эгейн хӀордан карта
Cliffs of Santorini
Эгейн хӀордан йист

Хьажоргаш

Азов-хӀорд

Азо́в-хӀорд (укр. Азовське море, ГӀирман гIез. Azaq deñizi) — Европан малхбалера Атлантикан океанан ахкъевлина хӀорд, бердашца ю Украина а, Росси а. Дуьненахь уггаре гомха хӀорд: 13,5 метр бен яц кӀоргалла, кӀоргаллин юккъера барам 7,5 м (цхьацца мах хадорца — 6,8 - 8 м). Атлантикан океанца уьйр ю хидоькъен а, хӀордийн а еха зӀенца: Керчан хидоькъе — Ӏаьржа хӀорд — Босфор-хидоькъе — Мармаран хӀорд — Дарданеллан хидоькъе — Эгейн хӀорд — Лаьттаюккъера хӀорд — Гибралтаран хидоькъе. Океанан гена хиларца Азов-хӀорд бу дуьненахь уггаре генара континентан хӀорд.

Ширачу заманахь Азов-хӀорд бацара, ткъа Дон кхетара хӀинца Керчан хидоькъе йолчу меттигехь Ӏаьржа хӀордах. Тардолуьйту, Азов-хӀордан акватори юьзина хилар вайн эрал 5600 шо хьалха (хьажа Ӏаьржа хӀордан хи хьадаран теори).

Таманан ахгӀайренан къилбаседа бердаца ю хьалхара палеолитан шира адам лаьттан меттиг Кермек.

Альборан (хӀорд)

Альбора́н (испан. mar de Alborán, Ӏаьр. بحر البوران‎‎) — Лаьттаюккъера хӀордан уггаре малхбузен хӀорд.

Анголан боьра

Анголан боьра — Атлантикан океанан къилба дакъехь хин бухара боьра, Африкан материкан охьена юккъехь,

Бразилин боьра

Бразилин боьра — Атлантикан океанан бухара боьра, иза ю Къилба-Атлантикан дукъан малхбузехьа.

Гвинейн боьра

Гвинейн боьра — Атлантикан океанан хи бухара боьра.

Дарданеллан хидоькъе

Дарданеллан хидоькъе я Геллеспо́нт (лат. Hellespontus — шира грекийн ширъелла цӀе; турк. Çanakkale boğazı, Чанаккале — туркойн хидоькъен йистера гӀала) — Европан Галлиполи ахгӀайрена а,(Туркойчоь) Жима Азин а юкъехь йолу хидоькъе.

Кайман (апари)

Кайман — Карибийн хӀорд чура апари иза ю Ямайкан а, Кайманийн гӀайренийн а юккъехь.

Каттегат

Каттега́т (дат. Kattegat, швед. Kattegatt) — Ютланди ахгӀайрена малхбален йистан а, Скандинавин ахгӀайрена къилба-малхбузен дакъан а юккъехь йолу хидоькъе.

Керчан хидоькъе

Керчан хидоькъе (укр. Керченська протока, ГӀирман гIез. Керич богъазы, Keriç boğazı) — Азов-хӀорд Ӏаьржа хӀордах туху хидоькъе.

Къилба-Антилийн дукъ

Къилба-Антилийн дукъ — Атлантикан океанан къилбехьара дакъана тӀера хи бухара дукъ.

Мексикан айма

Мексикан айма (испан. Golfo de México, инг. Gulf of Mexico, фр. Golfe de Mexique) — Атлантикан океанан малхбалехьара чоьхьара айма.

Пуэрто-Рико (апари)

Пуэрто-Рико апари — Карибийн хӀордан а, Атлантикан океанан а дозанна тӀехь йолу апари.

Рисер-Ларсенан хӀорд

Рисер-Ларсенан хӀорд (инг. Riiser-Larsen Sea) — Къилба океанан хӀорд иза бу Мод паччахьан латтан йистошкахь (Малхбален Антарктида).

Саргассийн хӀорд

Саргассийн хӀорд — Атлантикан океан чохь антициклонан го баккхаран меттиг, дӀаэхаро йихкина: малхбузехьа ю — Гольфстрим, къилбаседехьа ю — Къилбаседа-Атлантикан дӀаэхар, малхбалехьа ю — Канарийн дӀаэхар, къилбехьа ю — Къилбаседа Экваторан дӀаэхар.

Сардини

Сарди́ни (итал. Sardegna [sarˈdeɲɲa], сард. Sardigna [sar'dinja]) — Лаьттаюккъера хӀордан чура гӀайре а, Италин регион а.

Провинцеш:

Кальяри,

Карбония-Иглезиас,

Медио-Кампидано,

Нуоро,

Ольястра,

Ольбия-Темпио,

Ористано,

СассариГӀайрин коьрта хиш:

Тирсо,

Флумендоза,

Когинас,

Чедрино.

Тирренийн хӀорд

Тирренийн хӀорд (итал. mar Tirreno, лат. mare Tyrrhenum, корс. а, сиц. а mari Tirrenu, неап. Mar Tirreno, фр. mer Tyrrhénienne) — Лаьттаюккъера хӀордан дакъа иза бу Италин малхбузехьарчу йистошкахь, Апеннинийн ахгӀайре (Италин регионийн Тоскана, Лацио, Кампани а,Калабрия а) кхин Сицили, Сардини а, Корсика а гӀайренийн юкъехь.

Уэдделлан хӀорд

Уэдделлан хӀорд (инг. Weddell Sea) — Къилба океанн Атлантикан океанан секторан хӀорд, иза бу Малхбузен Антарктидан йистошкахь, малхбузехьа Антарктикан ахгӀайрена а, малхбалехьа Котсан латтана юккъехь.

Юккъера-Атлантикан дукъ

Юккъера-Атлантикан дукъ — Атлантикан океанан бухара доккха дукъ, тектоникийн экъанаш екъалуш йолу меттиг.

Ӏаьржа хӀорд

Ӏаьржа хӀорд — Атлантикан океанан бассейна чоьхьара хӀорд. ХӀордан майда — 422 000 км² (кхечу хаамашца — 436 400 км²).

ХӀордаш
Коьрта аймаш
Коьрта хидоькъеш
Бухан тӀие
Баккхий гӀайренаш а, яккхий архипелагаш а

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.