Сулайман

Сулайма́н (Ӏаьр. سليمان‎‎) — иза исламан пайхамар ву, Давуд-пайхамаран وصلة= кӀант ву. Библин тӀехь цунах олу — Соломон.

Сулайман
‎سليمان
Сурт
Вина терахь 985 в.э.
Вина меттиг Иерусалим
Кхелхина терахь 932 в.э.
Кхелхина меттиг Иерусалим
ДӀавоьллина меттиг
Къам Жуьгтий
Да Давуд
Нана БисашабаӀ
Бераш РехьобоӀам, Менелик
Динлелор Иудаизм
Динашкахь ларар Ислам, Керсталла, Иудаизм

Биографи

Сулайман Давуд-пайхамаран وصلة= кӀант хилла. Шен дегара дукха Ӏилма схьалаьцна хилла цо, АллахӀ-дала пайхамарех цхьаъ хаьржина иза, цхьабакъ ду, мистийн бакъо елла хилла цунна, массарна тӀехь, джиннаш тӀехь а[1].

Билгалдахарш

  1. Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/s.html#Suleiman45 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
Давуд

Да́вуд (دَاوُد‎‎‎, жуьгтий. דָּוִד оьрс. Везнарг) — ТӀалутан тӀаьхьара бану Исраил къоман шолгӀа паччахь, Байт-Лахьмера Яссин жимаха волу кӀант. Библица (3 Цар. 2:11), паччахь лаьттина шовзткъа шарахь: ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахь лаьттина ЯхӀудий махкахь (коьрта шахьар Халиль), цул тӀаьхьа 33 шарахь паччахь лаьттина цхьаьнатоьхначу бану Исраилан а, яхӀудийн а паччахьаллехь (коьрта шахьар Къудс-ГӀала). Тайп-тайпана хронологешца, урхаллин терхьаш: 1055 — вайн эрал 1015 шо хьалха, 1012 — 972 год до н. э., 1010 — 970 год до н. э., 1005 — вайн эрал 965 шо хьалха, жуьгтийн ламастин хронологица 876 — вайн эрал 836 шо хьалха. Давудан куьцо гойту тӀех дика урхалча. Давуд паччахьан историлла ю Ӏилмано къовсаме яьккхина кегош.

Инжийло дийцарехь, Давудан тайпанах вала веза Маьхьдин (ивр. Машиах). Жуьгтийн ламастехь Маьхьдин ван веза тӀаьхьа, ткъа керсталлин Керла Весетаца, Давудан тайпанара Маьхьдин веина, иза Ӏийса пайхамар ву.

Зуль-Кифль

Зуль-Кифль (Ӏаьр. ذُو الْكِفْل‎‎) — исламан пайхамар ву, Къуръанехь кхинболчу пайхамаршна юкъахь хьехош ву.

Ильяс

Илия, Ильяс (Ӏаьр. إِلْياس، إِيلْيا‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина, Къуръанехь шозза хьахийна ву. Библица лору Илия пайхамарца. Къуръанехь хьахийна ву элчааву аьлла, бакъ днерниг аьлла а, Делах тешаш верг а.

Исламан пайхамарш

Пайхамар (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби‎) — иза АллахӀ-дала ваийтина элча ву, шен дин нахана довзийта бахкийтинарш — пайхамарш бу. Къуръан тӀехь 25 хьахош ву. Масийтта пайхамар ву къуръан тӀехь хьехош. Сийлахь мухӀар а тухуш, массарел веза ваийтинарг ву — Мухьаммад.

ИсмаьӀил

ИсмаьӀил (Ӏаьр. إِسْماعِيل‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, ИбраьхӀим пайхамаран а, ХӀаджаран а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар ю, библиналла а.

ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .

Исхьакъ

Исхьакъ (Ӏаьр. إسحاق‎‎) — исламан пайхамар ву, Исхьакъ ву ИбраьхӀим пайхамаран а, Саратан а кӀант, Якъуб пайхамаран да а ву. Исхьакъан тӀаьхьенах схьабевлла бу жуьгтий.

ЛутӀ

ЛутӀ (Ӏаьр. لُوط‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Библин тӀехь цунах — Лот олу. ИбраьхӀим пайхамаран вешин ХӀаран кӀант ву иза. Ткъе ворхӀазза къуръан тӀехь хьехош ву. ЛутӀ цхьана Ӏийна ИбраьхӀимца, шен деда Тарахь (Азар) волчехь, ИбраьхӀиман деца. ЛутӀ цкъа а тӀулган делойх тешаш хилла вац. Цуьнан зуда яра Делах тешаш а йоцуш вон стаг.

ЛутӀан а, ИбраьхӀиман а, Саратан а наной йижарий хилла бу бохуш дуьйцу цхьадолчу дийцаршкахь. АллахӀ-дала ЛутӀ ваийтина вара садумитан къоман.

Махьмуд Пак Ният

Махьмуд Пак Ният (гӀаж. محمود پاک‌نيت) — иза гӀажарийн актёр ву, вина Казерунехь. Фильманаш яьхна цо : «ДӀатесна станци», «Сулайман-пайхамаран паччахьалла», «Юсуп-пайхамар»

Муса

Муса (Ӏаьрб. موسى) — исламан пайхамарийн веза элчанех цхьаъ ву, Делан къамелхо. Керста динехь цунах Моисей олу. Иза Якъуб-пайхамаран тӀаьхьенах хилла, цуьнан ваша ХӀарон-пайхамар хилла.

Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб

Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб бин Сулайман Аль Мушаррафи ат-Тамими (Ӏаьр. محمد بن عبد الوهّاب بن سليمان آل مشرف التميمي‎‎ / 1703- 1791) — Ӏаьрбийн теолог а, ваххӀабитийн лелар диллинарг а ву, иштта Мухьаммад бин СаӀудца СаӀудийн Ӏаьрбийчоь кхоьллина цо, керлачу пачхьалкхехь ваххӀабизм а кхуллуш (шаьш лархоша оцу леларах «салафият» олу).

Пайхамар

«Пайхамар» (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби; хиндерг дуьйцург) — ширачу дашах Пайхамаралла, цунах схьадаьлла ду и дош. Пайхамарш нахе кхойкхуш хилла, шен нийса долчу бакъ дине (Ислам). Къуръанехь дукха хьехош ду и дош, пайхӀамар иза АллахӀ-дала нахана тӀеваийтина веза стаг ву. АллахӀ-дала 124 000 эзар хила мегар долуш, пайхамарш бахкийтина хӀокху дуьнентӀе.

Салахь

Са́лахь (Ӏаьр. صٰالَحْ‎‎) — исламан пайхамар ву, АллахӀ-Дала «Самуд» къоман ваитина а ву.

Самуил

Самуил (Ӏаьр. صموئيل‎‎) — иза Израилан пайхамарех цхьаъ ву.

Хизр

«Хизр» я «Хидр» (Ӏаьр. خضر‎‎) — исламан адам а, хьехамча а ву, Муса-пайхамаран хьехархо хилла боху. Хизаран цӀе Къуръан тӀехь хьехош яц. Амма тидаме-кхетархоша, иза «Делан лай» санна лоруш ву. Сурат «Аль-КахӀф» тӀехь хьехош ву иза Ӏелам стаг санна, амма цӀе юьйцуш яц.

ШуӀайб

ШуӀайб (Ӏаьр. شعيب‎‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву. Библин тӀехь цунах — Иофор олу.

Элча

Расу́ль (Ӏаьр. رسول‎‎ — элча‎) РасулуллахӀ (Ӏаьр. رسول‎‎ — Делан элча‎) — исламан пайхамар (наби) ву, керла жайна делларг а, керла закон деанарг а. Расуль къаьсташ пайхамара ца деана жайна а закон, а бакъдо хӀун дохьуш веана тӀаьххьара элча.

Расуль лоруш бу беккъа: Нохь, ИбраьхӀим, Муса, Ӏийса а, Мухьаммад а.

ЭльхӀам Хьамиди

ЭльхӀа́м Хьами́ди (гӀаж. الهام حمیدی) — иза дикаха йолу гӀажарийн актриса. Дукха къаьмнашлахь иза евзаш ю шен телесериалехь «Юсуп-пайхамар», Юсупан зуда Асинатан роль ловзийна цо. Иштта «Сулайман-пайхамаран паччахьалла», Сулайманан зуда Мирьяман роль а.

Юнус

Юнус бин Матта (Ӏаьр. يُونُس بِن مَتَى‎‎) — исламан пайхамар ву, шен къоман ваийтина. Библийхь лоруш ву Ионца. Къуръанехь 4-за хьехош ву.

Юнус китан багахь Ӏийна ву, АллахӀ-дала кӀелхьара ваккхалц.

ЮшаӀ ибн Нун

ЮшаӀ бин Нун (Ӏаьр. يُوشَع بِن نُون‎‎) — исламан пайхамар ву, исраилан къоман ваийтина вара, Муса-пайхамаралла тӀаьхьа. Библийхь лоруш ву Иисус Навинца. Нунан кӀант ЮшаӀ Къуръанехь 23-за хьехош ву.

Элчанаш
Пайхамарш

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.