Малхбузе

Ма́лхбузе — малхбален дуьхьалара дуьнен агӀо. Иза Малх чубузу агӀо ю, дукха хьолахь малх чубузаш малхбузехь хуьлу, полюсан а, полюсан уллора шораллаш дӀаяьхчихьа.

Нохчийн малбузан билгало — М-зе, дуьненаюкъара — W (west).

Де-буьйса нийса долучу деношкахь Малх чубузу малхбузехь. Дуьне хьийза малхбузера малхбалехьа. Географин карташ тӀехь малхбуза агӀо, дукхах дерг, аьрру агӀора хуьлу.

Compass Rose English West
Мехийн ровзан (малхбузе)

Ориентаци

Ширачу заманахь малхбуза агӀо Малх чубузарца билгаляккхора. Православин а, лютеранийн а килсийн гарголан мамсар йирзина ю малхбузе. Католикийн килсан алтарь лаьтта малхбуза агӀонехь.

Литература

  • Запад // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  • Запад // Еврейская энциклопедия Брокгауза и Ефрона. — СПб., 1908—1913.
Дуьненан агӀонаш
  Къилбаседе  
Малхбузе Compass Rose Russian North Малхбале
  Къилбе  
Алжазаира

Алжаза́ир (Ӏаьр. الجزائر‎‎ эль-Джаза́ир), юьззина официалан кеп — Алжаза́иран Ха́лкъан Демокра́тин Респу́блика (АХДР) (Ӏаьр. الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية‎‎ эль-ДжумхӀури́ййа эль-Джазаири́ййа эд-Ди́мукъратӀы́ййа эш-ШаӀби́ййа, берб. ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттаюккъерахӀордйистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкан пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха африкан пачхьалкх. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).

Алжазаир эканамикаца онда а, мехкдаьтта а газа йолуш ю, Европийн мехкашана а кхин йолу мехкашна газа мехкдаьтта латтош мохк бу. Алжазаир 16-логlа меттигехьа ю мехкдаьтта докхуш аьлла "OPEC" эксперташ. Африкехьа уггара одна тlемницlаца а герзанца гlоралла долаш а, шена дукхох болу тlемницlан герза йиецам бу Россиегара. Алжазаир чу йогlуш гуламаш бу Африкан гуламан тоба а, lарбойн гуламан тоба а, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам, кхинъа Магlрибан lарбойн Гуламан тоба кхуьлна Алжазаиро.

Бенгалхойн мотт

Бенга́лхойн мотт я бенгали (бенгал. বাংলা bāṇlā) — бенгалхойш буьйцу мотт, индоевропан меттан тобан индоарийн генах цхьаъ. ДӀасабержина бу Бангладешехь а, Малхбузе Бенгали цӀе йолу ХӀиндин штатехь а. Цул совнах, бенгалхойш Ӏаш бу Ассам а, Бихар а, Орисса а цӀе йолу ХӀиндин штаташкахь. И мотт буьйцуш дуненахь бу 250 млн гергга стаг.

Бенин

Бени́н (фр. Bénin), Бени́н Респу́блик (фр. République du Bénin, 1975 шо кхачале Дагоме́я) — пачхьалкх ю Малхбузера Африкяхь. Бенин залив чу некъ бу, Гвинейн айма чу бу некъ. къилбаседе йолч агIор доза ду Буркина Фасоцани и Нигерцани, малхбале йолчу агIор — Нигерицани, малхбузе йолчу агIор — Тогоцани. Коьрта гӀала — Порто-Ново, амма куьйгалла Котоняхь ю, Пачхьалкхяхь уггаре йоккхачу гIалахь.

Бомбейн президенталла

Бомбейн президенталла (инг. Bombay Presidency, маратхи: मुंबई प्रांत) — Британин ХIиндин цхьа провинци. Кхоьллина XVII бIешарахь Британин Ост-ХIиндин компанин йохк-иэцаран пост санна. ТIаьхьа мохк хаъал шорбелира, ерриг аьлча санна ХIиндин малхбузе а, цхьайолу уллера меттигаш а дIалоцуш.

Ша угаре йоккха йолуш, президенталлин махка юкъа ягIара хIинцалера хIиндин штат Гуджарат а, берриг аьлча санна Махараштран мохк а, Карнатакин къилбаседа-малхбузе а, ткъа иштта хIинцалера пакистанан Синд провинцин дакъа а, Йеменера Аденан мохк а. Президенталла лаьттара гуонех, уьш дуьххьал дIа британин урхаллехь дара, ткъа кхин а олаллех, урхалла деш долу губернаторан администрацин куьйга кIелара меттигера урхалчаша.

Берриг мохк бара 488 850 км² (оцу юкъахь бац Аденан мохк), царех 318 530 км² бара дуьххьал дIа йолчу британин урхаллехь. Махкара бахархой 1901 шарахь бара 25 468 209 стаг, царех 18 515 587 стаг вехара британин махка тIехь, 6 908 648 стаг меттигерчу олаллашкахь. Оццу 1901 шарахь, 78,2 % бахархой индуизм лелош бара; 17,9 % — ислам; 2,1 % — джайнизм.

1947 шарахь маршо кхайкхийначул тӀаьхьа Синдах Пакистанан дакъа хуьлу, президенталлин дисина декъах хӀиндин Бомбей штат хуьлу, ткъа иза 1960 шарахь екъало меттаца Махараштриний, Гуджаратний.

Византийн импери

Византи́йн импе́ри, Византи́, Малхбален Риман импери (395—1453) — 395 шарахь Риман импери йоьхча кхоллаелла пачхьалкх Феодоси I император велча малхбузен а, малхбален а дакъош тӀехь. Екъанчул тӀехьа берхӀитта шо даьлча, Малхбузен Риман импери дӀаяьллера, Византи йитина Шира Риман историйн а, культуран а цивилизаци, ТӀехьара Античносташ Юкъара бӀешараш а историн бӀешерашкахь.

Гай Юлий Цезарь

Гай Ю́лий Це́зарь (лат. Gaius Iulius Caesar [ˈgaːjʊs ˈjuːljʊs ˈkae̯sar]; в. з. к. 100 я 102 шеран 13 июль я 12 июль — в. з. к. 44 шеран 15 март) — Шира Руман пачхьалкхан а, политикан а гӀуллакххо, диктатор, эскаран куьӀгалхо, яздархо.

Цезарьс шорйира Рим Атлантикан океане кхаччалц. Цо Франци кераярзийра, Британин гӀайренаш хьаяха волавелира. Цезарин гӀуллакхаш къорге хийцира Малхбузе Европин культуран а, политикан сибат, тӀеха хьалкхиина неха дахарехь дӀа ца болу лар а битира. Цо а Гней Помпейца болира баккхи пачхьалкхан хийцамаш. И хийцамаш бахьнехь иза велачул тӀехь дӀахӀоттира Риман импери коьртехь цо хьалакхиина Октавиан Август волуш.

ТӀехьа дуккха паччахьашна лиира Цезарин улле хӀотта. Иштта юкъаделира немцойн «кайзер» а, оьрсийн «царь» а дешнаш. И дешнаш даьлла «Цезарь» дашах.

ГӀалгӀайн мотт

ГIалгIайн мотт (гӀалгӀ. ГIалгIай мотт, оьрс. Ингушский язык) баьржина бу ГIалгIайчохь. 415 000 стага буьйцу гIалгIайн мотт, дукхаха дерг ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а. Абат гIалгIайн маттахь кириллицан абат ю. Нохчийн маттах чIогIа тера бу гIалгIайн мотт, дуккха дешнаш оццу нан меттанех. Нохчō гIалгIайн моттах дика кхета, ткъа ГIалгIай нохчийн маттах кхин а г1олех кхета.

Дуьненан агӀонаш

географехь дуьненан агӀо — коьртачу агӀонийн еаннах цхьаъ (къилбаседа, къилба, малхбузе, малхбале).

Къилбаседа а, къилба а агӀонаш билгалйоху Дуьненан полюсашца, ткъа малхбале а, малхбузе а (планета шен семан гуонаха хьийзарх йоьзна йолу) — малх схьакхетарца а, чубузарца а. Ширачу заманахь дуьйна адамо билгалйоккхура къилба агӀо — малх делкъана лакхабаларца, малхбале — малх хьалаболучу агӀонца, ткъа малхбузе — малх чубузучу агӀонца; къилбаседа агӀо (къилбаседан эхигехь) билгалйоккхура Къилбаседанца.

Къилбаседа а, къилба а агӀонаш билгалъяхало меридианаца а, нисса тоьхна хьостаман ӀиндагӀца а. Малхбузе а, малхбале а агӀонаш билгалъяхало горизонталийн а, меридианийн а гӀоьнца.

Таханлерачу географин карташ тӀехь къилбаседа агӀо лакхахь хуьлу: иштта хилчи къилба лахахь хуьлу, малхбузе — аьрру агӀора, ткъа малхбале — аьтту агӀора. Ширачу, ткъа цкъацца таханлерачу а карташ тӀехь, хӀоттош хилла лакхахь къилба я малхбале.

Стигларчу седарчийн картан тӀехь дукха хьолахь, гойту иштта, стигла (стиглан сфера) юьллу гуш, лаьттан тӀехулон картех къаьсташ, хьожучун бухахь ца юьллу, ткъа тӀехула юьллу. Цу тӀе стиглан экваторан агӀо хьожучун, хьалха къилба, тӀехьа - къилбаседа, аьрру агӀора – малхбале, аьтту агӀора - малхбузе.

Адамо арахь ориентаци еш леладо йеа агӀонан хьесап: «хьалха», «тӀехьа», «аьрру агӀора», «аьтту агӀора». Оцу хьолехь агӀо чӀагӀйина яц, хоржу адамо ша латтаре терра.

Йеа агӀонан ориентацин хьесап, адаман гуонахьара дуьне довзарехь, ладаме мур хилла. Керсталлехь жӀаре диллина.

Доьаззаллин хьесап гайтина дукха къаьмнийн фольклорехь, ламасташкахь, динан Ӏадаташкахь:

«йеа агӀора дӀасаваха»;

«дуьненан йеа маьӀӀе вахар»Гуо деа агӀонан бекъар доцуш — къилбаседа, къилба, малхбузе, малхбале — ориентированин Ӏалашонаш алсама мел йовлу тӀетухура юккъера агӀонаш: къилбаседа-малхбузе, къилбаседа-малхбале, къилба-малхбузе, къилба-малхбале; ерриг бархӀ агӀо хилира. ТӀаьхьа юкъаехира кхин а юкъара агӀонаш: Къилбаседа-Къилбаседа-малхбузе, малхбузе-къилбаседа-малхбузе, кхин дӀа а, 16 агӀо хиллалц. Кхин цкъа а юккъера агӀонаш екъна и процесс чекхъелира 32 румб хуьлуш.

Къилбаседа-Саамийн мотт

Къилбаседа-Саамийн мотт (къ-саамийн. davvisámegiella, sámegiella) — малхбузе-Саамийн мотт бу. 20 000 оцул нах буьйца къилбаседа-Саамийн мотт, дукха хӀокхеран нах Лаппланд чохь, Норвегиахь, Швециахь а Финляндиахь а.

Кюр-Дили

Кюр-Дили (азерб. Kür dili) — (иштта — коса) Азербайджанан гӀайре. Административан гӀайренна малхбале Нефчалинан кӀоштан юкъа йогӀу, ткъа малхбузе Ленкоранан кӀоштан. Азербайджанан уггар йоккха гӀайре ю.

Лу

Лу (оьрс. Косуля) — когаш тӀехь лекха ду иза. ГӀорта еха ю цуьнан, корта жима бу. ДегӀан дохалла 100-155 см. Мунда йолчохь локхалла 75-100 см. Дозалла 20-30 кг. Бат жима ю цуьнан. Лергаш шуьйра а, деха а ду. ЦӀога, халла бен ца къаьсташ, доца ду. Боьршачу лун маӀаш ю 3-5 га долуш. ДегӀан бос цхьаъ бу, аьхка, цӀоьлла етталуш, хьаьрса, Ӏай сиро бос хаалуш мокха. ЧукӀело а, гоа тӀехьа а кӀай ю жимма можа бос а бетталуш. Чо морса а, каглуш а бу цуьнан. Къоначу лун цӀока къорза хуьлу, кӀай я можа тӀедарчий а долуш.

Лу долу меттигаш: Малхбузе, Европан юккъерчу декъехь, Кавказехь, Закавказехь, Къилбехьа Уралехь, Сибрехахь, Казахстанехь Генарчу Малхбалехь, Юккъерчу Азехь ду уьш. Хьун нилха йолчохь а, цанашлахь а, тогӀешкахь а дежа уьш. Къона маргӀал а, гӀаш а доу цара, дечагийн чӀенгаш а, буц а, бецан гӀовда а йоу, хьуьнан стом а боу.

Аьхкенан заманчохь сарахь, Ӏуьйранний дежа уьш. Ӏай а, кхоларш яьлчи а дийнахь дежа. Аьхка цхьацца долий лела уьш. Важа йолчу хенахьреманашца лела. Август баттахь оре догӀу. Май-июнь баттахь боьхьигаш йо 1-2, кхоъ еш меттиг а хуьлу. Сте лу 14-15 бутт кхаьччи оре догӀу. Боьрша лу кхозлагӀчу шарахь бен оре ца догӀу.

Герггарчу хьесапехь вайн республикехь 3000 лу ду. Ламанца ду уьш, дукхах дерш.

Малхбален Тимор

Малхбален Тимор, шолгӀа йоца цӀе Тимо́р-Ле́сте, юьззина официалан цӀе — Демократин Респу́блика Малхбален Тимор — Къилба-Малхбален Азин пачхьалкх, дӀалоцу Тимор гӀайренан малхбален дакъа, цул совнах жима эксклав ю (Окуси-Амбено провинци) оцу гӀайренна малхбузе декъехь а, кегий гӀайренаш а Атауру (къилбаседа) а, Жаку а (малхбале).

XVI бӀешарахь мехкан колонизаци йира Португалин империс, евзара Португалин Тимор санна колонизаци дӀаяккхалц. 1975 шо долалуш Малхбален Тимора кхайкхийра маршо, амма тӀаьхьо оццу шарахь оккупаци йира ХӀиндонезис, ткъа шолгӀачу шарахь — схьаяьккхира хӀиндонезин 27-гӀа провинци санна. 1999 шарахь, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо къобал дина дӀакъастаран акт динчул тӀаьхьа, ХӀиндонезин правительствон терго дӀаелира оцу махкара, тӀаккха 2002 шеран 20 майхь Малхбален Тимор хилира дуьххьарлера керла Суверенан пачхьалкх ткъе хьалхарчу бӀешеран. Маршо яьккхинчул тӀаьхьа мохк юкъа бахара Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан а, Португалхойн мотт буьйцучу мехкийн доттагӀаллин. 2011 шарахь Малхбален Тиморо кхайкхийна шен Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциацех дӀакхета лаам, чу кехат а делла тобан цхьайтталгӀа декъашхо хила ният долуш. Иза шиннах цхьаъ керсталлин мохк бу Къилба-Малхбален Азехь (важа — Филиппинаш).

Марокко

Марокко, МагӀриб (Ӏаьр. المغرب‎‎ аль-МагӀриб нох. метт «малхбуз») — Малхбузе Къилбседа Африкан мохк бу. Аль-Мамллакхl Аль-Магlриб олу мароккан lарбиш шайна мехках, из нохч. метт «Малхбуза мохк» бохуг ду. Магlрибан коьрта гlала ю Ар-Рабатl (الرِّبَاط)

Ненцойн автономин гуо

Ненцойн автономин гуо (нен. Ненэцие автономной окрук) — Российн Федерацин регион. Иза Архангельскан областан юкъа йогӀу.

Талышаш

Талышаш (Кеп:Lang-tly) — гӀажарийн мотт буьйцу къам, Къилба Кавказехь ширачу заманахь дуьйна Ӏаш долу къам, уьш Ӏаш бу Талыш цӀе йолу ширачу махкахь, Каспи-хӀордан йистехь йолу (Азербайджанан къилба-малхбале а, ГӀажарийчоьнан къилбаседа-малхбузе).

Танк

Танк — зӀенаш тӀехь лелаш йолу а, хьийзаш йолу бӀов чохь йоккха топ йолу а гӀагӀ диллина тӀеман маше.

Танкаш юкъайовлуш хенахь тӀехь пулемёташ бен йоцуш хуьлура уьш. ШозлугӀа дуьненан тӀом чекхбеллачул тӀехь танкаш тӀе ракетан герз хотто гӀиртира. Иштта, йолуш ю танкаш тӀехь цӀееттарг хӀоттийна.

Массара тӀелаьцна танкан къастам бац. Иза ду танкан концепци гуттара а хицалуш хиларна бахьнехь. Масала, Сен-Шимон цӀе йолу Францин танк тӀехьаьжча танк ю эра дац. Strv-103 цӀе йолу Швецин танках дукха говзанчаш танкаш хӀаллакйираг ю олу. Цхьайолу Россиехь танкаш лоруш ераш (масала, Тип 94, Япони), малхбузе литературехь танкеткаш ю олу. Tortoise (A39) (Йоккха Британи) цӀе йолу еза танкан хьоьвзуш бӀов яц, цундела иза Шалела артиллерин дӀахӀоттам лору.

Таханлера танкан коьрта билгало ю цо герз туху меттиг сиха хийца йиш хилар бахьнехь шен йоккха топ хьала а, охьа а, го баьккхина дӀасаярзош. Дукха хьолехь иза дало цуьнан йоккху топ дӀасаярзалуш бӀов чохь хӀоттаяр бахьнехь.

Амма цхьадолу юкъарадаккхараш долуш ду. Ша лела артиллерин дӀахӀоттам чӀогӀа танках хила тарло. Амма цуьна кхи Ӏалашонаш ю: кӀелонера танкаш хӀаллакъяра я герз даьтташ эскиран гӀо дар дӀакъевлина меттигара, цундела цера цхьацца башхалаш ю, дуьххьара дӀа герзан ницкъа а, ларъярар а.

Шаньси

Шаньси (山西; пиньинь Shānxī, нох. — лаьмнийн малхбузе, шира цӀе: ций. 河東, : Hédōng — Цийчоьнан провинци. Административан центр — Тайюань. Бахархойн дукхалла 37 327 378 адам (16-гӀ. меттиг; хаамаш 2010 ш.).

Ӏаьрбийн ахгӀайре

Ӏаьрбийн ахгӀайре (Ӏаьр. شبه الجزيرة العربية‎‎‎) — Азин ахгӀайре ю, къилба-малхбузе лаьттан уллохь ю.

Ӏусманан импери

Ӏусманан импе́ри (Ӏосм. دولت عالیه عثمانیه‎ — Devlet-i Âliyye-i Osmâniyye), кхин Оттома́нан импери, Оттома́нан По́рта я атта По́рта — туркойн тукхамаш 1299 шарахь коьллашна пачхьалкх къилбаседа-малхбузе Анатолехь.

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.