Дерриге чоьхьара сурсат

Дерриге чоьхьара сурсат (инг. Gross Domestic Product), массара а тӀеэцна дацдар — ДЧС (инг. GDP) — макроэкономикан гайтар оьцу гойту базаран чоьхьара мах.

GDP nominal per capita world map IMF 2008
ХӀораннан а сина номиналан ДЧС АЦШн долларашкахь (2008 шарахь ларарца)
Трес-Корасойнс

Трес-Корасойнс (порт. Três Corações) — Бразилин муниципалитет, Минас-Жерайс штат юкъайогӀу. Мезорегионан доккхаха долу дакъа Минас-Жерайс штатан къилбе а, къилба-малхбузе а. Юкъайог1у Варжинья ц1е йолчу экономикан-статистикан микрорегионан. 2007 шеран терхьашца бахархой бу 91 737 стаг. Д1алоцу 825,924 км² майда. Бахархойн луьсталла — 86,4 чел./км².

ГӀалин Ӏида — 23 сентябрь.

ХӀинди

ХӀинди (хӀинди भारत, инг. India), официалан цӀе — ХӀинди Респу́блика (хӀинди भारत गणराज्य, инг. Republic of India) — Къилба Азера пачхьалкх. Бахархой — 1 329 356 004 стаг (август 2016), майда — 3 287 263 км², оцу шинне а гайтамца Къилба Азера яккхийчех пачхьалкх ю. Бахархойн барамца дуьненахь шолгӀачу, майданца ворхӀалгӀа меттигехь ю. Коьрта гӀала — Нью-Дели. Пачхьалкхан меттанаш — хӀинди а, ингалсан а.

Федерацин пачхьалкх, парламентан республика. Премьер-министр — Моди Нарендра, президент — Ковинд Рам Натх. Лаьтта 29 штатах а, 7 союзан латтанех а.

ХӀиндин дозанаш ду Пакистанца малхбузехь, Цийца, Непалца, Бутанца къилбаседа-малхбалехь, Бангладешца а, Мьянмица а малхбалехь. Цул сов, ХӀиндин хӀордан дозанаш ду Мальдивашца къилба-малхбузехь, Шри-Ланкица къилбехь, ХӀиндонези къилба-малхбалехь. ОвхӀанца доза долу Джамму а, Кашмир а штат къовсаме латта ду.

ХӀиндийн субконтинент ширачу хӀиндин цивилизацин даймохк бу. Шен историн йохаллин доккхах долчу декъехь ХӀинди хилла ладаме йохк-эцаран некъаийн юкъ, гӀараяьлла хилла шен бахамашца а, лакхарчу оьздангаллица а. ХӀиндехь кхолладелла хӀиндуизм, буддизм, сикхизм, джайнизм динаш. Вайн эран хьалхарчу эзар шарахь хӀиндин субконтиненте кхаьчна керсталла а, ислам а, цара боккха Ӏаткъам бина регионан тайп-тайпана оьздангалла кхиоран. XVIII — XX бӀешерийн хьалхарчу декъехь ХӀинди кӀез-кӀезиг лоцуш дӀалаьцна Британин империс. 1947 шарахь, дукха шерашкахь дуьхьало йинчул тӀехьа, пачхьалкхан паргӀато елла. XX бӀешо чекхдолуш ХӀиндин бакхий кхиамаш хилла экономикехь а, тӀеман кхиорехь а, пачхьалкхан экономика дуьненахь уггар чехка кхуьучарна юкъахь яра. Цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, бахархойн доккхаха долу дакъа къоьллехь дехаш ду. Боккха бала бу лакхарчу тӀегӀан тӀиера коррупци а, тӀехьайисита могашалла ларъяран система а.

ХӀинди потенциалехь онда пачхьалкх ю, ядеран герз а долуш. Иза ишттачу дуьненаюкъарчу кхолламашна юкъахь ю: ВКЪО, G20, ДМЛО, Къилба Азин регионийн юкъаметтигийн ассоциаци, Къамнийн ДоттагӀалла, ткъа иштта БРИКС а, ШОС а.

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.