Давуд

Да́вуд (دَاوُد‎‎‎, жуьгтий. דָּוִד оьрс. Везнарг) — ТӀалутан тӀаьхьара бану Исраил къоман шолгӀа паччахь, Байт-Лахьмера Яссин жимаха волу кӀант. Библица (3 Цар. 2:11), паччахь лаьттина шовзткъа шарахь: ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахь лаьттина ЯхӀудий махкахь (коьрта шахьар Халиль), цул тӀаьхьа 33 шарахь паччахь лаьттина цхьаьнатоьхначу бану Исраилан а, яхӀудийн а паччахьаллехь (коьрта шахьар Къудс-ГӀала). Тайп-тайпана хронологешца, урхаллин терхьаш: 1055 — вайн эрал 1015 шо хьалха[2], 1012 — 972 год до н. э.[3], 1010 — 970 год до н. э.[4], 1005 — вайн эрал 965 шо хьалха[5], жуьгтийн ламастин хронологица 876 — вайн эрал 836 шо хьалха[6][7][8]. Давудан куьцо гойту тӀех дика урхалча. Давуд паччахьан историлла ю Ӏилмано къовсаме яьккхина кегош.

Инжийло дийцарехь, Давудан тайпанах вала веза Маьхьдин (ивр. Машиах). Жуьгтийн ламастехь Маьхьдин ван веза тӀаьхьа, ткъа керсталлин Керла Весетаца, Давудан тайпанара Маьхьдин веина, иза Ӏийса пайхамар وصلة= ву.

Давуд
دَاوُد‎‎
Сурт
Говзалла Исраилан паччахьаллин паччахь
Вина терахь вайн эрал 1035 шо хьалха гергга
Вина меттиг Къудс-ГӀала
Кхелхина терахь вайн эрал 965 шо хьалха гергга
Кхелхина меттиг Къудс-ГӀала
Къам Жуьгтий
Да Ясси
Нана Нацевет бат Адаэль
Зуда Авигея, Авитал, Ависага Сунамитхо (Авишаг), Аггифа, Ахиноама, Вирсавия (Бат-Шева), Мелхола (Михаль), Мааха, Эгла
Бераш Амнон, Авессалом, Адония, Далуиа, Иефераам, Сафатия, Тамар, Сулайман
Хьехархой Самуил[1]
Динашкахь ларар Ислам, Керсталла, Иудаизм
Кхидерш Забур

Кхин хьажа

  1. 5 // (unspecified title)
  2. Давид, царь израильский // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Эрлихман В. В. I. ДРЕВНИЙ ВОСТОК И АНТИЧНОСТЬ. // ПРАВИТЕЛИ МИРА. — Москва, 2002. — Т. 1.
  4. Давид // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  5. Давуд — статья из Электронной еврейской энциклопедии
  6. Э. Шульман. Седер а-корот беталмуд (порядок событий в Талмуде) = סדר הקורות בתלמוד. — «Коль Мевасер», 2003. — 211 с.
  7. Шульман Э. Седер а-корот беТанах аль пи Раши (порядок событий в Танахе согласно Раши) = סדר הקורות בתנ"ך ע"פ רש"י. — «Коль Мевасер», 2001. — 104 с.
  8. Шульман Э. Седер Олам Раба ла-тана раби Йосей бар Халафта (порядок событий в мире по таннаю р. Йосей бар Халафта) = סדר עולם רבה להתנא רבי יוסי בר חלפתא. — Нехалим: «Мофет», 1999. — 170 с.
Закари

Закария бин Азан (Ӏаьр. زَكَرِيا بِن أَذٰان‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина вара. Библин тӀехь цунах Захария мозгӀар олу. Къуръанехь 8-за хьахийна ву. Яхья-пайхамаран да ву иза.

Зуль-Кифль

Зуль-Кифль (Ӏаьр. ذُو الْكِفْل‎‎) — исламан пайхамар ву, Къуръанехь кхинболчу пайхамаршна юкъахь хьехош ву.

Ильяс

Илия, Ильяс (Ӏаьр. إِلْياس، إِيلْيا‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина, Къуръанехь шозза хьахийна ву. Библица лору Илия пайхамарца. Къуръанехь хьахийна ву элчааву аьлла, бакъ днерниг аьлла а, Делах тешаш верг а.

Исламан пайхамарш

Пайхамар (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби‎) — иза АллахӀ-дала ваийтина элча ву, шен дин нахана довзийта бахкийтинарш — пайхамарш бу. Къуръан тӀехь 25 хьахош ву. Масийтта пайхамар ву къуръан тӀехь хьехош. Сийлахь мухӀар а тухуш, массарел веза ваийтинарг ву — Мухьаммад.

ИсмаьӀил

ИсмаьӀил (Ӏаьр. إِسْماعِيل‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, ИбраьхӀим пайхамаран а, ХӀаджаран а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар ю, библиналла а.

ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .

Исхьакъ

Исхьакъ (Ӏаьр. إسحاق‎‎) — исламан пайхамар ву, Исхьакъ ву ИбраьхӀим пайхамаран а, Саратан а кӀант, Якъуб пайхамаран да а ву. Исхьакъан тӀаьхьенах схьабевлла бу жуьгтий.

ЛутӀ

ЛутӀ (Ӏаьр. لُوط‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, Библин тӀехь цунах — Лот олу. ИбраьхӀим пайхамаран вешин ХӀаран кӀант ву иза. Ткъе ворхӀазза къуръан тӀехь хьехош ву. ЛутӀ цхьана Ӏийна ИбраьхӀимца, шен деда Тарахь (Азар) волчехь, ИбраьхӀиман деца. ЛутӀ цкъа а тӀулган делойх тешаш хилла вац. Цуьнан зуда яра Делах тешаш а йоцуш вон стаг.

ЛутӀан а, ИбраьхӀиман а, Саратан а наной йижарий хилла бу бохуш дуьйцу цхьадолчу дийцаршкахь. АллахӀ-дала ЛутӀ ваийтина вара садумитан къоман.

Муса

Муса (Ӏаьрб. موسى) — исламан пайхамарийн веза элчанех цхьаъ ву, Делан къамелхо. Керста динехь цунах Моисей олу. Иза Якъуб-пайхамаран тӀаьхьенах хилла, цуьнан ваша ХӀарон-пайхамар хилла.

Нохь

Нохь (Ӏаьр. نوح, Нухь‎‎)‎‏ — исламехь беза болчу пхиъ пайхамарех а, элчанех а хьалхара цхьаъ ву, АллахӀа жуьгтийн тӀе ваийтина.

Библин тӀехь цунах Ной олу.

Пайхамар

«Пайхамар» (Ӏаьр. نبي‎‎ — наби; хиндерг дуьйцург) — ширачу дашах Пайхамаралла, цунах схьадаьлла ду и дош. Пайхамарш нахе кхойкхуш хилла, шен нийса долчу бакъ дине (Ислам). Къуръанехь дукха хьехош ду и дош, пайхӀамар иза АллахӀ-дала нахана тӀеваийтина веза стаг ву. АллахӀ-дала 124 000 эзар хила мегар долуш, пайхамарш бахкийтина хӀокху дуьнентӀе.

Салахь

Са́лахь (Ӏаьр. صٰالَحْ‎‎) — исламан пайхамар ву, АллахӀ-Дала «Самуд» къоман ваитина а ву.

Самуил

Самуил (Ӏаьр. صموئيل‎‎) — иза Израилан пайхамарех цхьаъ ву.

Сулайман

Сулайма́н (Ӏаьр. سليمان‎‎) — иза исламан пайхамар ву, Давуд-пайхамаран кӀант ву. Библин тӀехь цунах олу — Соломон.

Хизр

«Хизр» я «Хидр» (Ӏаьр. خضر‎‎) — исламан адам а, хьехамча а ву, Муса-пайхамаран хьехархо хилла боху. Хизаран цӀе Къуръан тӀехь хьехош яц. Амма тидаме-кхетархоша, иза «Делан лай» санна лоруш ву. Сурат «Аль-КахӀф» тӀехь хьехош ву иза Ӏелам стаг санна, амма цӀе юьйцуш яц.

Шис

Шис бин Адам (Ӏаьр. شِيث‎‎) — исламан пайхамар ву, Адаман а, Хьавван а кӀант ву.

ШуӀайб

ШуӀайб (Ӏаьр. شعيب‎‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву. Библин тӀехь цунах — Иофор олу.

Элча

Расу́ль (Ӏаьр. رسول‎‎ — элча‎) РасулуллахӀ (Ӏаьр. رسول‎‎ — Делан элча‎) — исламан пайхамар (наби) ву, керла жайна делларг а, керла закон деанарг а. Расуль къаьсташ пайхамара ца деана жайна а закон, а бакъдо хӀун дохьуш веана тӀаьххьара элча.

Расуль лоруш бу беккъа: Нохь, ИбраьхӀим, Муса, Ӏийса а, Мухьаммад а.

Юнус

Юнус бин Матта (Ӏаьр. يُونُس بِن مَتَى‎‎) — исламан пайхамар ву, шен къоман ваийтина. Библийхь лоруш ву Ионца. Къуръанехь 4-за хьехош ву.

Юнус китан багахь Ӏийна ву, АллахӀ-дала кӀелхьара ваккхалц.

ЮшаӀ ибн Нун

ЮшаӀ бин Нун (Ӏаьр. يُوشَع بِن نُون‎‎) — исламан пайхамар ву, исраилан къоман ваийтина вара, Муса-пайхамаралла тӀаьхьа. Библийхь лоруш ву Иисус Навинца. Нунан кӀант ЮшаӀ Къуръанехь 23-за хьехош ву.

Элчанаш
Пайхамарш

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.