Газа

Га́за (Ӏаьр. غزة‎‎, жуьгтий. עזה) — Палестинан къоман администрацин Газа провинцера бахархойн дукхаллица йоккха гӀала, мадарра аьлча Хьамас тобано урхалла деш ю гӀала. Бахархой — 410 эзар адам (2006 шо).

ГӀала
Газа
غزة (произносится в оригинале без "Г" АЗА)
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Пачхьалкх Палестина Пачхьалкх
Провинци Газа
Координаташ 31°31′00″ къ. ш. 34°27′00″ м. д.
Йиллина XV век до н.э.
Майда
  • 55 квадратан километр
ХӀордан сизал локхалла 30 Метр
Бахархой 409 680 стаг (2006)
Официалан сайт mogaza.org (Ӏаьр.)
Газа картан тӀехь
Газа картан тӀехь
Red pog2.svg
Азад Кашмир

Азад Кашмир (урду. آزاد جموں و کشمیر, инг. Azad Jammu and Kashmir; доца — Аза́д Кашми́р, бохарг ду «Мярша Кашмир») — Азера пачхьалкх ю.

Акха газа

Акха газа (оьрс. Дикая коза) олу. Боьршачу вай нох. бож олу, оьрсаша оьрс. Тур олу.

Лекхачу ламанан даккъашкахь, тӀулган, мокхазан бердашца инзаречу меттигашкахула лела иза. Адам цецдаллал каде юссу бож ламанан даккхашкара охьа чу. Шен берг дӀатассал меттиг хилчахьана тоьа цунна лекхачу бердаца кхиссалуш хьала тӀе яла а, охьа чу йосса а.

Акхачу газанан кӀорнеш а хуьлу иштта каде. Газанан кӀорнех боьхьигаш олу. Ӏинах охьа чу иэгарна кхераме меттигаш дукха ю ламанца уьш лелачу меттехь.

Акха гезарий ларъяла хууш ю. Шайн-шайн раьгӀнаш хуьлу церан бож хьалха а йолуш. БӀаьрг сирла а, лергашца само йолуш а ю уьш.

Ламанан акха бож дегӀана йоккха ю. Коьртаца йогӀуш шен барамехь ю цуьнан гӀорта дукха юткъа а, томма а йоцуш. ДегӀан дозалла 75-80 килограмм ю цуьнан. Когаш дукха лекха а бац, амма ницкъ болуш бу. Вайн цӀахь хуьлуш йолчуьнан санна тӀиэхьа йирзина яккхийра маӀаш а, чӀениг кӀелахь маж а ю цуьнан. ЦӀога доца ду. Газанан маӀаш бежачул йоцийра а, юткъий а ю. Бос таьӀӀана цӀиэ бу. Букъ тӀоьхула Ӏаьржа арс боьду цунна, гӀортан тӀера цӀоганна тӀе кхаччалц. Изза томмагӀа белшаш тӀехь а ду. Корта жимма цӀоьлла етталуш Ӏаьржачу басахь бу. Оцу бассахь ю маж а. ЧукӀело кӀайн ю. Лахара настаран даккъаш Ӏаьржа ду цуьнан, тӀиэхьара бергашна тӀе кхаччалц кӀайн ду. ТӀера цӀока беха чо болуш морса ю.

Уьш хуьлу меттигаш: Акха гезарий Жимачу Азехь а, Эгейски гӀайренашкахь а, Критехь а, Малхбузехьа Афганистанехь а, Къилбаседа Малхбузехьа Индехь а вайн Кавказехь а, ДегӀастанехь а, Арменехь а, Гуьржийн махкахь а, Азербайджанехь а, Туркменин лаьмнашкахь а хуьлу. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь акха гезарий йолу меттигаш ЧӀаьнтин-Орга, МӀайста, КӀерино, АцунтӀа, Шаройн-Орга Сандухой, КӀачу ю.

Акха гезарийн яжар ламанан даккъашца ду. Диттийн кондарш а, буц а йоу цара.

Реманаш йой лела уьш. Цхьана реми чохь итт а, ткъа а, ткъей итт а, шовзткъанге дӀакхочуш а хуьлу уьш. Яжар Ӏуьйранна, сарахь дика ду церан. Де довхачу хенахь руьтахь йийшина Ӏохку уьш нахарш а дохуш. Гезарий май-июнь баттахь ехка. Цхьацца а, шишша а боьхьигаш йо цара.

Акха гезарий кӀезиг ю вайн махкахь. Уьш яйар дихкина. Уьш ларо еза.

Алжазаира

Алжаза́ир (Ӏаьр. الجزائر‎‎ эль-Джаза́ир), юьззина официалан кеп — Алжаза́иран Ха́лкъан Демокра́тин Респу́блика (АХДР) (Ӏаьр. الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية‎‎ эль-ДжумхӀури́ййа эль-Джазаири́ййа эд-Ди́мукъратӀы́ййа эш-ШаӀби́ййа, берб. ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттаюккъерахӀордйистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкан пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха африкан пачхьалкх. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).

Алжазаир эканамикаца онда а, мехкдаьтта а газа йолуш ю, Европийн мехкашана а кхин йолу мехкашна газа мехкдаьтта латтош мохк бу. Алжазаир 16-логlа меттигехьа ю мехкдаьтта докхуш аьлла "OPEC" эксперташ. Африкехьа уггара одна тlемницlаца а герзанца гlоралла долаш а, шена дукхох болу тlемницlан герза йиецам бу Россиегара. Алжазаир чу йогlуш гуламаш бу Африкан гуламан тоба а, lарбойн гуламан тоба а, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам, кхинъа Магlрибан lарбойн Гуламан тоба кхуьлна Алжазаиро.

Газа (дийнат)

Газа — Хlара нохчийн маттахь Газа ю.

Газа сектор

Газа сектор (Ӏаьр. قطاع غزّة‎‎ [qɪˈtˤɑːʕ ˈɣazza]?, жуьгтий. רצועת עזה) — Лаьттаюккъера хӀордан йистера Палестинан латта. Малхбалехьа а къилбаседехьа а секторан доза ду Израилца, оцу дзанца ю керт, а къилба-малхбузехьа латтан тӀехула доза ду Мисарца. Газан йохалла гергарчу хьесапехь ю 50, шоралла — 6 тӀера 12 кхаччалц. Майда — 360 герг. Коьрта гӀала — Газа ю.

Гонконг

Леррина административан кӀошт Гонко́нг (иер. полн. 香港特別行政區, упр. 香港特别行政区, инг. Hong Kong Special Administrative Region, кант. Хёнкон такпит ханчинкхёй?, пут. Сянган тэбе синчжэнцюй?), доца Гонконг (иер. 香港, инг. Hong Kong, кант. Heūnggóng, Хёнкон?, пут. Сянга́н?) — Китайн Халкъан Республикан Леррина административан кӀошташ, Азин а дуьненан а финансови центр.

Гуьржийчоь

Гуьржийчоь, Гуьржий Мохк (гуьрж. საქართველო [sɑkʰɑrtʰvɛlɔ], Сакартве́ло) — Хьалхара Азехь а, Гергара Малхбалехь а йолу пачхьалкх, малхбузехьара дакъа ду Дехьа Кавказан Ӏаьржа хӀоьрдан йстехь.

Гуьржийчоьнан дозанаш ду къилбехьа Эрмалойчоьца а, Туркойчоьца а, къилба-малхбалехьа Азербайджанца а, малхбалехьа а, къилбаседехьа а Россица.

Къилба ХӀирийчоь а, Абхази а гуьржийн Ӏедало контроль еш яц, ОБСЕ парламентан ассамблейс, АЦШс а, Европан комиссис а Россис оккупаци дина Гуьржийчоьнан дакъош санна лоруш ду.

ГӀиргӀазойчоь

ГӀиргӀазойчоь (кӀиргӀ. Кыргыз Республикасы), — гӀиргӀазойн пачхьалкх ю.

Израиль

Изра́иль (жуьгтий. ישראל, Ӏаьр. إسرائيل‎‎‎), официалан цӀе — Пачхьалкх Изра́иль (жуьгтий. מדינת ישראל, Ӏаьр. دولة اسرائيل‎‎) — Къилба-Малхбузен Азин пачхьалкх. Израилан Юккъерчу статистикийн хаамашца 2014 шеран сентябрехь ларарца, 8,25 млн адам, майда — 22 072 км². Бахархойн дукхаллица 97-гӀа меттиг ю а, шен майданца 147-гӀа меттиг ю.

Коьрта гӀала — Къудс-ГӀала. Пачхьалкхан меттанаш — иврит, Ӏаьрбийн.

Унитарни пачхьалкх, демократин парламенан республика. 2009 шеран мартехь дуьйна премьер-министр Биньямин Нетаньяху ву. Израилан ю 6 административан кӀошташ.

Йаман

Йаман (Ӏаьр. اليمن‎‎ аль-Йаман), (Ӏаьр. الجمهوريّة اليمنية‎‎ — аль-ДжумхӀурийатуль Йаманийат) — Ӏаьрбийн пачхьалкх ю.

Къилба ХӀирийчоь

Къилба ХӀирийчоь (хӀир. Республикæ Хуссар Ирыстон, гуьрж. რესპუბლიკა სამხრეთ ოსეთი — дукхах йолучу пачхьалкхаш боху Гуьржийчоьнан дакъа ду.

Ламанийн-Карабах

Ламанийн-Карабах (эрм. Լեռնային Ղարաբաղի Հանրապետություն, Արցախի Հանրապետություն, Леррнайин Гӏарабагӏи Хӏанрапӏетӏутуьн, Арцахи Хӏанрапӏетӏутуьн — дукхах йолучу пачхьалкхаш боху Азербайджан Азербайджана мехка даакъа ду.

Малайзи

Мала́йзи (малай. Malaysia) — Азера пачхьалкх ю.

Палестинан къоман администраци

Палестинан къоман администраци, ПКЪА (Ӏаьр. السلطة الوطنية الفلسطينية‎‎; ас-Су́лта аль-Уатани́я аль-Филастыни́я) —

Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан ах дакъан а урхалла дан кхоьллина администраници.

ПалестӀина пачхьалкх

ПалестӀина Пачхьалкх (Ӏаьр. دولة فلسطين‎‎, инг. State of Palestine) — Юхерчу Азехьар Мохк бу, Малхбалехь Йорданац а, Малхбузехь Жуьктийн Мохкац Миср-Мохкац а, Къилбседехь Либнан мохкац Шама мохкац а, Къилбехь СаӀудийн Ӏарбойн Мохкац а доза долуш бу Палистинан Мохк. Малхбалехь Чусадоц Ӏамац а , Малхбузехь Юкъерчу хӀорданац аре йолуш бу.

Росси

Росси (грек. Ρωσία — Русь) иштта официальни Росси́н Федера́ци (практикехь аббревиатурах а пайда оьцу РФ) — малхбалехьара Европан а, Къилбаседа Азин а пачхьалкх ю. Бахархой — 146 519 759 адам ду (2016-чу шарахь лерина). Мехкан йоккхалла — 17 125 246 км². Дуьненахь хьалхар меттехь ю мехкан йокхаллица, 9 меттехь бахархойн дукхаллица.

Коьрта гӀала — Москва ю. Пачхьалкхан мотт — оьрсийн мотт бу.

Федеративни дӀахӀоттаман ийна республика ю. 2012-чу шеран майхь президентан болх Владимир Путинас дӀаэцна, правительствон председатель — Дмитри Медведев ву.

Российн Федерацин хӀоттаман юкъа 85 субъект йогӀу, 22 — республика а, 9 — йист а.

Тайвань

Тайвань (кит. 中華民國, инг. Republic of China Китай Пачхьалкхца Тайвань, дукхах йолучу пачхьалкхаш боху (дукхах йолучу пачхьалкхаш боху Китай Халкъа Пачхьалкх КХП мехка даакъа ду.

Туркмени

Туркмени, официалан цӀе Туркмениста́н (туркм.Türkmenistan) — Юкъера Азера пачхьалкх ю.

Туркойчоь

Туркойчоь Турци (турк. Türkiye Cumhuriyeti, — къилба-малхбуз Азера мохк бу, жим латта дакъа Европана чохьа ду. Туркойчоь хьа хил ю 1923 шарахь Ӏосманан Пачхьалкх дӀа йохайн чол тӀехь, цулла хьалха Ӏосманан Пачхьалкха аьла йоьвзаш хилла Туркойчоь.

Туркойчоьна дозанийн максимум дохалла малхбузера малхбале 1565 км, къилбаседера къилбе – 550 км. Туркойчоьнан дозанийн лаьттахулара дохалла – 2753 км. Малхбузехьа Болгарица (269 км), Грецица (212 км), къилбаседа-малхбалехьа – Гуьржийчоьца (318 км), Эрмалойчоьца (308 км), Азербайджанца (14 км), малхбалехьа – Иранца (454 км), къилба-малхбалехьа – Ӏиракъаца (331 км), Шемаца (877 км.).

Кхечу меттанашкахь

This page is based on a Wikipedia article written by authors (here).
Text is available under the CC BY-SA 3.0 license; additional terms may apply.
Images, videos and audio are available under their respective licenses.